Са даго хаьржинаг хьо цхьаъ ма ву (исполнитель: Мадина Хамидова)

Сан даго кхойкху хьоьга синтем боцуш,
Б1аьргаш лоьху хьо гаре сатуьйсуш,
Волахьа, кхачахьа сан деган везар,
Безаман б1аьрхишца до аса хьоьга дехар.
 
Сирлачу седанах лепар ю хьуна,
Б1аьстенан зезагах со тарлур ю,
Къи везар хьо воцург ца оьшу суна,
Сан даго хаьржинарг хьо цхьаъ ма ву.
 
Хьан дагна йовхо луш ю яга кийча,
Нагахь хьо безамах дог тешош хилча,
Сатийсар эрна ду ма ала соьга,
Хьо вовзар ирс хеташ хьоьжур ю хьоьга.

Сирлачу седанах лепар ю хьуна,
Б1аьстенан зезагах со тарлур ю,
Къи везар хьо воцург ца оьшу суна,
Сан даго хаьржинарг хьо цхьаъ ма ву.
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Видео к песне:
Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Straight Flush  Over over  Sencho andzrev  Без тебя мне свет не мил  Clannad Nagisa  Tenku Kitaro  Tadap Tadap Ke  Enigma Lost Eight 
О чем песня
Мадина Хамидова - Са даго хаьржинаг хьо цхьаъ ма ву?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен