Отсутствует (исполнитель: Неизвестен)
И хьан бlаьргаш хаза дайна Са бlаьрги нур сирла даьлла. И хьан лелар хаза тайна Кийрара дог ловза даьлла. Ва хьо ганза велара со Дош аланза елара хьо. Аз хазанза велара со Хьо дагчуьра дlа ца йолу. Малхах тара гуча йоле Лаам хьегош къайла йолу. Хьан хазалла, хьан дикалла Са дагчуьра дlа ца йолу. Ва хьо ганза велара со Дош аланза елара хьо. Аз хазанза велара со Хьо дагчуьра дlа ца йолу. Дика зама юртах йокхуш Хьо юртах юй ца хийнера. Хьо ма хийла къайлах кхобуш Цу хьан нанас далачкъийна. Ва хьо ганза велара со Дош аланза елара хьо. Аз хазанза велара со Хьо дагчуьра дlа ца йолу.