Нохчийчоь (исполнитель: Хусейн Бетельгиреев)

Десачу гуьйна т1е
меца пхьуй санна,
к1ецаш еш, хьан к1ентий
гуллучу дийнахь
сан илли д1адоьду,
гила-борз санна,
акхачу хьаннашкахь
лазамна уг1а.

Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча,
со мича г1ур вара, мича?!

Карраш зен г1евттинчу
майданийн койша
устазаш не1алтах 
багочу дийнахь,
сан илли д1адоьду
сира сай санна,
тарханийн назмане
ладоьг1уш латта.

Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча,
со мича г1ур вара, мича?!

Курхалчаш, г1азотан 
байракхаш ловзош,
къомах кхаж тарбелла
хьийзачу дийнахь
сан илли д1адоьду,
1индаг1а санна,
еллачу ярташкахь 
хьан серло леха.

Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча,
со мича г1ур вара, мича?!

Кхоаме, тишачу
барзакъе санна,
халкъ шен лайн амалшка
хьоьжучу дийнахь
сан илли д1адоьду,
къена мурд санна,
бицбинчу б1ан новкъахь
г1ароллехь латта.

Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча,
со мича г1ур вара, мича?!

Хьо йохка 1еминчу
къуйн стешха к1езий
баьччанийн ловзарех
ловзучу дийнахь
сан илли д1адоьду,
аьрзуно санна,
хьан некъийн х1ора сиз
б1аьрсица къийла.

Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча,
со мича г1ур вара, мича?!...
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Видео к песне:
Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Вы соглашаетесь Ван гог был умница  Вы соглашаетесь Лайм в моей крови  Khaled - Aisha  Вы соглашаетесь Никем занято  Вы соглашаетесь Комната  Вы соглашаетесь пейзаж способный 
О чем песня
Хусейн Бетельгиреев - Нохчийчоь?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен