Сердце не плачь (исполнитель: Ваха Берсанукаев)
ХIун де аса, хьомениг, доьлхучу дагна КъинтIера ялахьа со хьайх къастарна Ма хьежахьа бIаьра сан ойланашца Ма делхахьа, ма делхахьа, кийрара дог сан Кху хазачу Iуьйренца ойланаш ю Кху хазачу суьйренца безамаш бу Вайшиннан дегнаш вовшех хьегош Лелар ду, лелар ду нехан синош Яланза ца яьлла, ехар ю хьо Валанза ца ваьлла, вехар ву со Вайшиннан дахар хир дац цхьана Хили хьох, хили хьох боккха бала