Стиглара д1абайна седа (исполнитель: Хусейн Горчаханов)
Стиглара д1абайна седа, лаьмнашкахь охьабуьйжи сай, Вай дахар ма доца хета, и дуьтуш лийр ду те вай. Зазашлахь схьакхечи б1аьсте, аренаш синаллехь яй, Иллица аса безам хасти, и буьтуш лийр ду те вай. Диканна, г1онна а кхачахь, доттаг1а лехнера вай, Доттаг1а къинт1ера ваккха ца кхуьуш лийр ду те вай. Г1арг1улеш гуьйренца йоьлху, дерза ду т1е детташ дай, Дашочу дуьненна воьлху, и дуьтуш лийр ду те вай. Сан некъаш гал-марзах дуьйлуш, кхачазчу геналлехь дай, Дахаран йист йоцу некхаш ца девзаш лийр ду те вай.