Я рабби - хо везар тхуна (исполнитель: Назам)

✅ - Я Робби - хьо везар тхуна

⭕⭕⭕

Делан Элчи д1а кхелхина, дейта б1е шо дуьзна дог1у
Дела хьехор г1елделла, дуьне лахар сов даьлла
Элчи везарш к1еззиг хили, веза бохарш дукха хили
Адам дин а диц делла, хан эхира замана т1е кхаьчна
Хьан къинхетам сов ца балахь, х1аллак хилла герга дукха,
Я Робби хьо везар тхуна марздехьа.
➖
Везан Дела хьо везаш вериг дагца хьан дин долаш вар-кха
Сийлахь Элчи везаш вериг, шар1ах дага вуьйлаш вар-кха
Авлияаш безаш вериг, хьарам дериг дуьтуш вар-кха
Хьо тха ву-кха, дин бакъ ду-кха, Хьан дин доцург, доьхна ду-кха, Я Робби хьо везар тхуна марздехьа.
➖
Везан Дела! Х1ун дер техьа, Хьан ц1ена дин г1елделла
доьду
Сийлахь Элчи хьоьга кхойкху, и шар1а байлахь ду-кха
Кишин Хедийн во1 хоьга кхойкху, хьан къадаре ц1арца 
ду-кха
Авлияаш дина орцах шу ца довлахь, тхо тиларна гергахь ду-кха, Я Робби хьо везар тхуна марздехьа.
➖
Везан Дела х1ун дер техьа, Хьан къинхетам сов ца балахь
Бусалбанаш бу бохуриш, хьарам хьакъаш дууш бу-кха
Хьанал ламаз де бохуриш, шайца шукра доцуш бу-кха
Цуьнах ламаз хир дац аьлчи, мунафикъ нах бохар ду-кха
Я Робби хьо везар тхуна марздехьа.

⭕⭕⭕
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Your love nicole  Gorgon City Try Me Out  Kansas City The Beatles  Фактор девочка люся  Suelta Daddy Yankee  Holiday For Love Webb Pierce  Ротару-сердце 
О чем песня
Назам - Я рабби - хо везар тхуна?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен