Дог лезар дац (New 2015) [M95] (исполнитель: Фатима Хучиева)
I. Безамо, сан жима дог 1овжийна Везаро эли вайшиъ д1аса къаста деза. Ма атта хили,хьуна вас ян сан дагна Гена дели шерашкахь хил дол гергара Ницкъ бац йицъян суьйренаш, Хьан хаза мерза дешнаш Маьтта хьуна, сан везар моьтта хьуна. Сан дог лаз динчух хаълахь Хир яц хьун дагчохь меттиг кхеталахь Хьомениг, кхеталахь Припев: Ахь дохин дог-дог, лезар дац Аса цунна и бакъо лур ма яц Хьо даг оьхуш ойланаш йийра яц Тешаме ца хилла,хьан безам ца хилла Сан жима дог дог собар де Г1ийла доьлхуш ницкъ хьайна ма бе И к1ант хьуна воьг1на вацара Тешаме ца хилла, цун безам ца хилла II. Хаза денош хьо йистехь воцуш докхуш ду соьца Соьга баха доттаг1о ахь зуд ялош ю Сайн сахьийзар хьун т1ехь аса дицдийр ду Хьан ловзаргехь, ас шуьшиъ декъал дийра ду Шу дахар ирсе, вовше самукъа долуш Дахарехь мерза денош, даимна хуьлда шун. Шу Дала барт цхьаъ бойла, вовшен сий делаш Дикниг бен ма гойла, шу г1оза маьрша дехийла Припев: Ахь дохин дог-дог, лезар дац Аса цунна и бакъо лур ма яц Хьо даг оьхуш ойланаш йийра яц Тешаме ца хилла,хьан безам ца хилла Сан жима дог дог собар де Г1ийла доьлхуш ницкъ хьайна ма бе И к1ант хьуна воьг1на вацара Тешаме ца хилла, цун безам ца хилла III. Амма хьо суна виц ца ло Мел ч1ог1а дагчу воьжна хьо Х1инца генахь ву суна Вайн суьйренаш ахь йицйина Вайшиммо дийцин даггара Теша ца лаьъ эрна хилла Сан дагчуьра хьо д1аваьлла Припев: Ахь дохин дог-дог, лезар дац Аса цунна и бакъо лур ма яц Хьо даг оьхуш ойланаш йийра яц Тешаме ца хилла,хьан безам ца хилла Сан жима дог дог собар де Г1ийла доьлхуш ницкъ хьайна ма бе И к1ант хьуна воьг1на вацара Тешаме ца хилла, цун безам ца хилла.