Ялахьа орцах (New 2015) (исполнитель: Тимир-Булат Хасанов)

Ялахьа орцах (Мохьмад Сулаев)

Бузучу малхаца дарин бос эцна,
Малхбузе йогийца, стиглах ц1е яьлла,
Оьздачу безамца даг чу нур хецна,
Хьан амат догийца - малхах схьадаьлла!

Маьлхан х1оз чукерчи, буьйса т1ейоьхуш, -
Дуьненна т1ехаьрци стигланан бога...
Эзарне седаршка г1о эрна доьхуш,
Дог, хьоьга сатуьйсуш, ц1е яьлла, догу.

припев:
Лоьхуш, со д1асахьежарх, г1о дан стаг воцуш,
Безаман ц1аро со меллаша морцу..
И ц1е ю хьоьга бен яйалур йоцуш -
Сихлохьа, ницкъ кхочург, ялахьа орцах!

Кхоьллина хилла со цу ц1ергахь вала,
Хьан амат сайн даг чохь, сайн сих суо валлалц.
Ткъа тарлац цу ц1арах со хьалхавала,
Сан дег1ан мерза ц1е хьан дег1ах яллалц.

Мичча со водахь а, хьо лоьху б1аьрца,
Хьох терниг яйча а, дагна там кхочуш,
Ларамза соьцу со хьо евзачаьрца,
Хьо цара хьахоре къайлах догдохуш.
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Видео к песне:
Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Коррозия Металла Черный террор  Коррозия Металла Фантом  Коррозия Металла Аббадон  Коррозия Металла Люцифер  Коррозия Металла Седьмые ворота ада  Коррозия Металла Съешь живьем  Коррозия Металла Russian Vodka  Wanted To Infected Mushroom 
О чем песня
Тимир-Булат Хасанов - Ялахьа орцах (New 2015)?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен