Сан ирс (исполнитель: Марха Макаева)
1.Доьххьара хьо гича нур догу б1аьргашна, Ц1еххьана безамо ов туьхийра. Ойла д1а ийцира синтемах яьккхина, Сай дега къайленаш ас хьоьга йийцира. (2р) Припев: Кхолламан стиглара къегира седа, Са ирсан дакъа хиллера хьо, са ирс хиллера хьо. Вай къастахь ла лур дац сан даге теша, Хьан ц1арца са доь1уш ехаш ю со, Хьа доьхьа ехаш ю со. 2.Ахь хаза дийцира со хьайха теша еш, Б1аьстенна йовхо луш са дахарна. Веларца хаьжча хьо са баьснеш яга еш, Мархашка делира къона дог кирара. (2р) Припев: Кхолламан стиглара къегира седа, Са ирсан дакъа хиллера хьо, Са ирс хиллера хьо. Вай къастахь ла лур дац сан даге теша, Хьан ц1арца са доь1уш ехаш ю со, Хьа доьхьа ехаш ю со. (2р) Ехаш ю со.