Мел хаза йогу 1уьйренаш (exclusive M95) (исполнитель: Тамара Адамова)

I.
Дог а сан карзах долура
Ойланаш хьийза йовлура
И вог1уш - воьдуш сайна гахь
Ц1е йогуш гича б1аьргаш чохь
Мила ву хьан эр ду соьга
Х1ун хилла жимчу сан дагна
Дагчуьра и к1ант ца волу
И ца гич самукъ ца долу ( 2 раза )
II.
Цуьнах 1ех елла лела со
Кхин бесар дуьне суна го
Мел хаза йог1у 1уьйренаш
Мел хаза йог1у суьйренаш
Ас йина йоцу ойланаш
Сан жимчу коьртехь ю хьийзаш
Буьйсанна наб яр а доцуш
Со хилла яц синтем боцуш ( 2 раза )
III.
Мохь тоьхна бийца дуьненна
Лаьа сайн безам а суна
Хазийта сайн дог детталуш
Ела цу к1антана лууш
Даа йист йоцу х1ар дуьне
Сайн дуьхьа Дала хаз дина
Ас денна воьхуш и Деле
И к1ант сайн дуьхьа кхоьллина
И вог1уш - воьдуш сайна гахь
Ц1е йогуш гича б1аьргаш чохь
Мила ву хьан эр ду соьга
Х1ун хилла жимчу сан дагна
Дагчуьра и к1ант ца волу
И ца гич самукъ ца долу ( 2 раза )
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Джунгли  Fm группа  NORIC  Staind -something to remind you  No Boundaries  Ego Big Bang  О тот день 
О чем песня
Тамара Адамова - Мел хаза йогу 1уьйренаш (exclusive M95)?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен