Кавказан 1уьйре (HD) [M95] (исполнитель: Мурад Байкаев)

Ламанан баххьашкахь, дешица къега хьо
Аьрснашкахь пепнашца бегаш беш лепа хьо
Шийлачу шовданчу з1аьнаршца хьоьжу хьо
Малхаца г1аьттина Кавказан 1уьйре ( 2 раза )
Припев :
Серлонца, машарца хьо йог1у яйча
Кавказан ламанхойн сакъерало
Олхазарш хьаннашкахь 1аламна делало
Органе,тулг1ене дог айъало
II. 
Лечана т1ам тесна хьо йолу аренга
Юьртахойн ялташа хьан сирла бос оьцу
Пет1амат зезаг ду шен ц1енчу дарийца
Ломара эсала хьоькху мох лоьцуш ( 2 раза )
Припев :
Серлонца, машарца хьо йог1у яйча
Кавказан ламанхойн сакъерало
Олхазарш хьаннашкахь 1аламна делало
Органе,тулг1ене дог айъало.
III. 
Беркате кхочу хьо белхалойн х1усаме
Маршалла хоьтту ахь барт болу доьзале
Декъала хилла хьо къоначийн безаме
Кавказан,Даймехкан ирс долу 1уьйре ( 2 раза )
Припев :
Серлонца, машарца хьо йог1у яйча
Кавказан ламанхойн сакъерало
Олхазарш хьаннашкахь 1аламна делало
Органе,тулг1ене дог айъало.
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Видео к песне:
Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
AKB48 Iiwake Maybe  Мой дельтоплан  Единое  Поставь басту Даша Суворова  Cosa dela vita  The Felice Brothers Greatest Show on Earth  The Felice Brothers Love Me Tenderly 
О чем песня
Мурад Байкаев - Кавказан 1уьйре (HD) [M95]?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен