Маьлх-Аьзни (исполнитель: Альви Альтамиров, Рамзан Хаджаев, Шерип Джабраилов)
Ю, генахь ломахь ехаш сан Маьлха-Аьзни, Ду, цуьнга кхойкхуш ду сан деган аьзнаш, Ву, сатуьйсуш цуьнга дийнахь-буса волуш со, Маьлха-Аьзни, кийрара ц1е яйъа йола хьо.. Сан дахар хьоьца бен ас цхьаьнца дузур дац, К1айн маьлхан х1ар дуьне хьо йоцуш оьшуш вац.. Со, мел ирча хиларх ю сан сийца хазалла, Со веха дахар сан хьан дуьхьа д1а делла.. Ас хьуна лерина, Маьлха-Аьзни, х1ора де, Йола хьо яйъа дагчу яьлла буьрса ц1е.. Лам, боккхур бу ас муьлха лам хьан дуьхьа, Лан, кийча ву хало ца волуш юха.. Ахь, Маьлха-Аьзни, соьга ала безаман цхьа дош, Сан г1айг1а, бала т1ома баккхий пана хьош.. Ца хиана суна хьалха безаман марзо, Со тилла лелла ца карош деган маршо.. Сан ирс хета - хьо дуьненахь ехаш хиларна, Кхочур ву йолче хьан 1аьржа ницкъ эшийна.. Маьлха-Аьзни, хьан аз лоьхуш со новкъа ваьлла, Хьо сих ма лолахь кхечунна хьай дог делла.. Со, шагат1улг хилахь а къарлур вац со, Мох, шийла мох соьх хьарчарх вужур вац со.. Хьо, Маьлха-Аьзни, сан ойланаш хьоьх яла ца ло, Хьо лоьхуш лела малхехь, дарцехь ца г1елло.. Дуьненахь суна орцах вала цхьа а вац, Сан дахар ирсе дан Маьлха-Аьзни, хьо бен яц.. Хьо, ма бала къайла сан сатийсам, седа сан, Безаман лай со хилла, акха даьлла са.. Ца олуш дош соь, т1улг соьх беш, ахь со ма ве.. Ц1а воьрзур вац, аса ч1аг1о йина хьоьца бен.. Самах а, г1енах дуьхьал туьйсу суна хьо, Хьан сирла амат баттаца, малхаца го.. Хьо ма яла къайла 1аьржачу цу мархашлахь, Х1ар дуьне суна къахьлур ду ахь жоп ца лахь.. Ца олуш дош соь, т1улг соьх беш, ахь со ма ве.. Ц1а воьрзур вац, аса ч1аг1о йина хьоьца бен..