Хьа дуьхьа (исполнитель: Макка Сагаипова)
Хьан шовда дека хьан дуьхьа, Хаза б1аьсте йог1у хьан дуьхьа, Кху дуьненчохь еха хьан дуьхьа, Жимма йехьа ойла сан дуьхьа. Нур дашо малх кхеташ хьоьх тарло, Бай т1ехь зезаг техкаш хьоьх тарло, Дитто доккху заза хьоьх тарло, Иштта хаза хета хьо суна. Собар дехьа, сих ма ло, сихлой хьо д1а ма г1о, Аса дуьйцучух кхетахьа, жимма сан дог хьастахьа. Дог1а дог1у, иза хьан дуьхьа, Иза соцу, таккха а хьан дуьхьа, Дог1а сецча дека олхазарш, Уьш хьан дуьхьа декаш хетало. Ара яьлчи кхетта дашо малх, Дашо з1аьнарш шеца яржийна, Дерриг дуьне серла даьккхина, Иштта сирла, хаза хета хьо.