Мухьаммад Закан-юртара (исполнитель: Хьажийн а Замана паччахьийн хилла къамел)
Хьажийн а Замана паччахьийн хилла къамел 1 Вай Хьажи тIекхойкхуш, кехаташ ма даьхкира, юьртар писарера. Аьлла вахара бах Киши воI Мубарик, юртара Писар ва волчу. Ахь шега хIун боху ва юртара ва Писар. 2 Ша ца кхойкху ва хьоьга, ва Киши Мубарик, Хьоьга тIе ма кхойкху, и Гуной Инарла, Аьлла вахара бах Киши воI Мубарик, Гуной Инарла ва волчу, Ахь шега хIун боху ва Гуной Инарла. 3 Ша ца кхойкху ва хьоьга, ва Киши Мубарик, Хьоьга тIе ма кхойкху, ва гуьржи Сардало, Аьлла вахара бах Киши воI Мубарик, Гуьржи Сардал ва волчу Ахь шега хIун боху ва гуьржи ва Сардал. 4 Ша ца кхойкху ва хьоьга, ва Киши Мубарик, Хьоьга тIе ма кхойкху, кху замана Паччахьо. Аьлла вахара бах Киши воI Мубарик, заманна Паччахь ва волчу, Ахь шега хIун боху заманна ва Паччахь. 5 Ша кхойкху ва хьоьги, ва Киши Мубарик, Цу стигла ва волуш, хьан лами бу боху. Юха лаьтта ва вуьссуш хьан тIемаш ду боху, Стиглара малийкаш хьан орцу ду боху, Лаьттара ва шайхаш, хьан гIоьнчи бу боху, Стиглара неIараш И Дела хьуна йиллина ву боху, Цу Делан хьадрате хьо хIуьттуш ву боху. Цу Далла ва гергахь, хьо соьцуш ву боху, Элчанна ва уллохь, хьо хуьйшуш ву боху, Делаца гергарло хьан чIогIа ду боху, Делаха хьо дагавийлар хьан даим ду боху, Делаца мах бина хьо веъна ву боху, Элчанца барт бина хьо веъна ву боху, Дала Шен Вели вина, хьо ваийтина ву боху, Элчано шен Варас вина, хьо ваийтина ву боху, Кху дуьненна Iу хилла, хьо лелаш ву боху, Эхартан баьччи хилла хIуттур волуш ву боху. Яра дуьне дуьззина хьан муридаш бу боху, Къимат Де кхаччалац хир болуш бу боху. Хьо къобул винариг, декъала хир ву боху, Хьуна букътоьхнариг, декъаза ву боху, Яра хабараш хьай нахе, хьо дуьйцуш ву боху, Ахь дуьйцуьрг бакъ хеташ, уьш лелаш бу боху, Шегара паччахьалла хьо дезаш ву боху, Шегара паччахьалла хьо даккха гIерташ ву боху, Ша-ма оцу шийлачу сибарехьа вахийта воллу, Юха цу набахтичу хьо вахийта воллу ша. Бохуш лен велира бах, Заманна ва Паччахь 6 Ацарех цхьаъ доцург ша дерриг бакъ ма ду Хьоьга мел дийцинарг, Заманна ва Паччахь, Цу стигла ва волуш , шен лами бу хьуна, Юха лаьтти ва вуьссуш шен тIемаш ду хьуна, Стиглара малийкаш шен орцу ду хьуна, Лаьттара ва шайхаш, шен гIоьнчи бу хьуна, Стиглара неIараш И Дела шена йиллина ву хьуна, Цу Делан хьадрате ша хIуьттуш ву хьуна, Цу Далла ва гергахь, ша соьцуш ву хьуна, Элчанна ва уллохь, ша хуьйшуш ву хьуна, Делаца гергарло шен чIогIу ду хьуна, Делаха дагавийлар шен даим ду хьуна, Элчанца дагавийлар шен даим ду хьуна, Делаца мах бина ша веъна ву хьуна, Элчанца барт бина ша веъна ву хьуна, Дала Шен Вели вина, ша ваийтина ву хьуна, Элчано шен Варас вина, ша ваийтина ву хьуна, Кху дуьненна Iу хилла, ша лелаш ву хьуна, Эхартехь баьччи хилла хIуттур волуш ву хьуна, Яра дуьне дуьззина шен муридаш бу хьуна, Къимат Де кхаччалац хир болуш бу хьуна, Ша къобул винариг, декъала хир ву хьуна, Шена букътоьхначех, ша хьоьгуш вац хьуна, Яра хабараш шен нахе, ша дуьйцуш ву хьуна, Ша дуьйцуьрг бакъ хеташ, уьш лелаш бу хьуна, Хьоьгара паччахьалла ша дезаш вац хьуна, Ахь иштанехьа схьаделча и хьашт долуш вац хьуна, ТIаккха ахьа ша цу Сибареха вахийта йина йолу ойланаш, Юха цу набахтичу ша вахийта йина йолу ойланаш, Азаллехь Дала Ша яздина вай Дела йозу ду хьуна, Ахь дуьйцург хабар ду, заманна ва Паччахь.