Мухьаммад Закан-юртара (исполнитель: Авлияийн диванехь - Сесанара Воккха-Хьажи)
Хьажи хьехамаш Ша махках валалле хьалха Юрташкахь х1уьттуш Дала къайле таяро, хьехамаш бина ма боху. ➖ Шега хатта дезариг, аш шеги хатталаш Лар елаш ше муридаш, ша весет до шоьги, ше весет лар делаш. ➖ Дела фарзаш лар делаш, цери хенаш лар елаш Дела вирдаш лар делаш, цери хенаш лар елаш. ➖ Хьарам, хьанал къаста делаш Дела дези Къур'ан дуккху дешалаш, цу бохуриг дарца, цуна таьхьа алалаш. ➖ Еари, оршот лар елаш Чехка зикру дукху делаш Хьежараьх шаш ларлолаш Кога болар лар белаш, вовше дог1маш лар делаш. ➖ Лар елаш ше муридаш, ше весет лар делаш. Лар елаш ше муридаш, ше весет лар делаш. ➖ Ше мурид д1акхелхичи, кхоъ буьйсана йеси ду шуна, кхоъ буьйсана чахка зикру ду шуна, т1аьхьарчу цу дийнахь каш лахьти таделаш, цу каш гонахь цха б1аь зикру алалаш. ➖ Т1аьхьарчу цу дийнахь каш лахьти тадар, цу каш гонахь ца б1аь зикру алар, ша доьхьал воцуш шеци чаг1о лацар ду шуна. ➖ Ва-а-а ше дики муридаш Вовше дезаш хилалаш Вовше т1ешаш хилалаш Вовше сакъташ диталаш Вовше марзо эцалаш. ➖ Хьаг1они д1аякхалаш Воккхи, жими ларлолаш Лаилах1а илаллах1 - даимана бахалаш, дуккху баьхна делир бохуш, зама ег1ур ю шуна. ➖ Шу вовшеха дезаро, шу вовшеха дашаро. Шена бала бай бо-кха, ша къобулвинариш. ➖ Вай Дели вазаллора, вай Дели сийлаллора Къоранчоьх, жейнтаьхь боцу хьехамаш, Адам беришна вай бина бац шуна. ➖ Х1ар весет вайна дитина вериг Вай вуьцараьх, ву бахараьх, вай къобул вина, вай синой да хилла, вай дог1ми 1у хилла, вай кирарчу дегни лор хилла. ➖ Вахна, ве1на меттиг боцуш И Дели ша воцуриг, шех жоп дала да воцуш, вай Дели 1аламех лелаш волу Хеди, Киши во1 ву шуна. ➖ Вай ницкъ кхачар барамаьх, вовше дукху дезарца, цун омрини ларло техь вай, бусулба вежари. ➖ Лаилах1а илаллах1 Лаилах1а илаллах1 Лаилах1а илаллах1...