Отсутствует (исполнитель: Сайд-Хьусен [الله)
Сийлахь волчу вай Дала &&& Сийлахь волчу вай Дала Элчи кхолла ва лиъчи Шен нуьраха нур эцна Цу нуьре ша вист хилла - Шена везна Мухьаммад Хьо хилла цу ма аьлла Т1акха нуьрех дег1 хилла Вай Элчи дах1оьттира - Сийлахь волчу вай Дала Элчи возва ва лиъчи Цу вай сийлахь Элчанна Тамашина нур делла - Малхалал ша къагийна Батталал ша хаздина Ше хазачу нуьрана Мухьаммад ц1и тилийра Ворх1е стигларч охлуно Ахьмад ву хьо ма бохуш Ворх1е лаьттарч охлуно Мухьаммад ву ма боху - Ялсамалчохь вуьйцу хьо 1абдул-Керим ву бохуш Хьо возвинчу вай Дала Хьабибуллах1 ву бохуш - Т1акха к1олум кхоьллира Дала Хьукми-Къадир яздайта Цу к1олумег вист хилла Везчу Дала элира - Х1ай к1олум ахь яздехьа Лаилах1а Иллаллах1 Цунна хуттуш яздехьа Мухьаммад-Расулуллах1