Ц1ена безам (New 2015) [exclusive M95] (исполнитель: Патимат Еснакаева)

I. Ца йицъян йоьвзина и хилла
Даго а и йо1 хьан ю аьлла
Ахь мерза хьайн са цуьнах доьзча
Шу доьвзи ца гича ца мегча
Г1ийлачу ойланашца луьттуш
Кхайкхича шуга орцах дуьйлуш
Ма хала кхиийра аш безам
Б1аьргах аш ларби эккхош кхерам

Припев :
Мел хаза ду шуьшиъ цхьан дог1уш
Безам бу ховха малхал богуш
Дуьне ду мерза цхьана дууш
Дахар ду ирсе вовше дезаш ( 2 раза )

II. Хьан синан марзо маца хир те
Хьо са хилла де маца гур те
Бохуш хьоьх ойланаш а хьийзош
Хьан везар ву хьуна сагаттдеш.
Ма хила сихлой хьайн дог эт1ош
Хьан безамах ю иза кхеташ
Шен дагчохь дерг цо хьоь ца дийцарг
Хьо везар бала коьртехь сецош

Припев :
Мел хаза ду шуьшиъ цхьан дог1уш
Безам бу ховха малхал богуш
Дуьне ду мерза цхьана дууш
Дахар ду ирсе вовше дезаш ( 2 раза )

III. Хьан б1аьргийн куьзган чу к1ант хьоьжу
Цо хьоьга езар хаза дуьйцу
Шен безамах ма яла бохуш
Хьан ойланехь и висна хьоьца.
Вай вовше довза яздин хилла
Вовшашна деза доьг1на хилла
Шераша зийна цхьана кхетта
Шун безам тахна ирсах лепа

Припев :
Мел хаза ду шуьшиъ цхьан дог1уш
Безам бу ховха малхал богуш
Дуьне ду мерза цхьана дууш
Дахар ду ирсе вовше дезаш ( 2 раза )
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Carnifex Slit Wrist Savior  Carnifex Hope Dies With the Decadent  Carnifex Lie to My Face  Carnifex A Winter in Remorse  Carnifex Collaborating Like Killers  Carnifex My Heart in Atrophy  Carnifex Dead in My Arms 
О чем песня
Патимат Еснакаева - Ц1ена безам (New 2015) [exclusive M95]?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен