Ма сиха к1ан ло вай (exclusive) (исполнитель: Рустам Чекуев)
Ма сиха къанло вай, ма к1еззиг деха. Йа чомахь ца йоккху и йоца хан. Цамгарша го буьлли къиза во чеха. 1ожалло катухий туьйсуту чан. Дех-ненах, йиш-вешех, безачех къаьсти. Ша вуьси бала бо нахана шех. Замано къонаниг хьо хьагош хьости, Хьо ца леш вахвалар ма детта т1ех. Вайх дуьне дуьсур ду шеко а йоцуш. И шай ду моьттинарш бисна а бац. Хьо вахарх кхи оьшуш х1умма а доцуш, Валарца дуьстича вахар дош дац. Ма сиха къанло вай, ма к1еззиг деха. Йа чомахь ца йоккху и йоца хан. Жоп доьхуш эхартахь хьизор ду техьа, Вай лаьттахь мел лайнаг хоьтитуш г1ан.