Ма ала соьга (исполнитель: Макка Сагаипова)
Сан маьрза безамо хьоьстуьш со, Ма ирсе яра со цхьана гуш вай, Хьан хийцаваларо шел би сан кийра, Со муха ехар те д1акъастахь вай, Шелбелла седа вай, шен нур д1а дайна, Сан г1ийла ойланаш хьоьстуш бу и, Хьо лоьхуш дахарехь ас хало лайна, Хьо шийла хилахь а лийр ду сан илли. ПРИПЕВ : Ма ала, ма ала вай къаста деза, Ма хьежа, ма хьежа бен доцуш соьга, Хьажахьа суна хьо мел ч1ог1а веза, Сан деган къурдашца кхойкхуш ю хьоьга (2 раза) Цхьанница муьйлу ас сай ц1ена безам, Хьо генахь хиларо 1ийжош ду дог, Цкъа мацахь санна алехьа еза, Сан г1ура ястахьа, ас дехар до.