Даго хьоьху (с.П.Петирова м. Р.Даудов) (исполнитель: Румиса Куриева)
Даго хьоьху – Къаьстар ду вай кеста. Даго воьху – Ойла хьоьца кхерста… Денош уьду – ХІинца го хьо гІенах. ГІенаш туьду – Кхаъ хаза ду самах… Амма вац хьо – Ца го хьежарх гонах. ГІелъелла со – Доьху ларъе вонах… Даго воьху – Ойла хьоьца кхерста… Даго хьоьху – Къаьстар ду вай кеста. Хьоьжуш хьоьга – Хийла иди денош. Дуьйцуш соьга – Йохкуш йоцу хенаш. Некъах тилла – Хьан лар лоьхуш лелла. Эрна хилла – Х1инца кхета йоьлла. Даго воьху – Ойла хьоьца кхерста. Даго хьоьху – Къаьстар ду вай кестар Денош уьду – ХІинца го хьо гІенах. ГІенаш туьду – Кхаъ хаза ду самах…