Нохчийчоь (New 2014) [M95] (исполнитель: Седа Мукаева)

I. Хьомсара сан Даймохк, безам буьйцу ас,
Хьуна гена яьлча дагна хуьлу вас.
Хьанала хьан латта, мерза хьоме ду, 
Мохь тоьхна ас олу - Нохчийн йо1 со ю.
Хьанала хьан латта, мерза хьоме ду,
Мохь тоьхна ас олу - Нохчийн йо1 со ю.

Припев :
Турпала х1ай Нохчийнчоь,
Яхьахь юьзна Нохчийнчоь.
Дала яха йойла хьо,
Ахь сан дахар ирсе до.
Нуьре лепа Нохчийнчоь,
Оьзда еха Нохчийнчоь.
Дегнаш хоьсту илли - хьо,
Хьоьца бен сайн некъ ца го.

II. Исбаьхьа ду лаьмнаш, чомехь шовданаш,
Аьхна ю сан дагна сийна аренаш.
Хьан ирс лардан кийча оьзда адамаш,
Церан ойла къаръян х1уммаъ дан ма дац.
Хьан ирс лардан кийча оьзда адамаш,
Церан ойла къаръян х1уммаъ дан ма дац.

Припев :
Турпала х1ай Нохчийнчоь,
Яхьахь юьзна Нохчийнчоь.
Дала яха йойла хьо,
Ахь сан дахар ирсе до.
Нуьре лепа Нохчийнчоь,
Оьзда еха Нохчийнчоь.
Дегнаш хоьсту илли - хьо,
Хьоьца бен сайн некъ ца го.

III. Берахь дуьйна марзо хьоьца йолуш ю,
Хьан безаман йовхо дагчу йижна ю.
Хьо бен дагар дица гергара со яц,
Хьо ца хилча дахар, дахар хир ма дац.

Припев :
Турпала х1ай Нохчийнчоь,
Яхьахь юьзна Нохчийнчоь.
Дала яха йойла хьо,
Ахь сан дахар ирсе до.
Нуьре лепа Нохчийнчоь,
Оьзда еха Нохчийнчоь.
Дегнаш хоьсту илли - хьо,
Хьоьца бен сайн некъ ца го.
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Tell Me Why Dj Viduta Remix LaFee  Светик мой светлана  You Had Me From Hello Bon Jovi  Музыка ваенга  Связанны  Blur - music is my radar  Алешка Сергей Жуков 
О чем песня
Седа Мукаева - Нохчийчоь (New 2014) [M95]?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен