Генара кехат (исполнитель: Тамара Адамова)
Вовшашна вай ца гун зама ю алий, Вай бинчу бартана дагца шекъялий, Эрна ма йожалахь боккхачу бале - Шеконе диллинарг шеллуш ду хьуна. Безамо кхохкийна, юьхь басо хуьйцуш, Мерзачу дешнашца матта дог дуьйцуш, К1айн дуьне дицдина, вовшашка хьуьйсуш. Вайша мел дийцинарг соьца ду хьуна. Эшамаш бицбина веха со вахарх, Зезагийн бошмашкахь заманаш яхарх, Х1уьрла1а мехкарша суна гош бахарх - Хьуна бен сан дагахь меттиг бац хьуна. Рег1а малх тевжича, ц1ен басар кхетта, 1аьршан йист х1оьттича, ша хазахетта, Седано болийча лаьтта б1аьрг бетта - Хьегаро хьовзавой, гатлуш ву хьуна. Вахар дац, боцуш дерг дегнашна кхача: Даима юьхь т1ехь ду кхоларан тача, 1алашо хьалха гац, воьдуш т1екхача, Дегнашка кхачалург - безам бу хьуна. Безамехь шалхонаш тарло ма мотта, Безамах ловзучарна юххе ма х1отта, Даима 1ийжа д1овш кийра ма дотта,- Безамца телхинарг ти ца ло хьуна. Телхачу ойланийн урх д1а ма хеца, Ч1ог1аллехь къовсамна мокхазар эца, Орцанна ахь улло оьздалла леца - Ойланийн урх тосург вовш хуьлу хьуна. Буьйса цкъа д1атилча, сирла де санна, Шийла 1а кхачалуш, бовха мур санна, Сийначу бацала байн полла санна, Безаман завнаца кхочур ву хьуна. Галамо боларехь вайша кхолларна, Заманехь, майданахь герга нисдарна, Вайн дегнаш вовшашка мерза кховдарна - Даима хастамбеш вехар ву хьуна.