Дела Элчи дIакхелхинчу хенахь (исполнитель: Саййид-Хьусайн)
Дела Элчи дIакхелхинчу хенахь Дала мел кхоллинчу 1аламе эли вина Мухьаммад, дIакхелхинчу хенахь. И Дела Элчи вац бахаро ша хьаьре вина. Баттар тур даькхина ша мохьбетта ма велир, Хаттаба воI ва Iумар. «И Дела Элчи дIакхелхина бохачунна, ше туьраца корт бокхур ма бу ша!», – бохуш, мохьбетта ма велир, Хаттаба воI ва Iумар. Абубакар-Сиддикъ Элчана тIе хIоьттина, шен голаш тIе лахвелла, охьа хиина, Элчанна юхь тIе бат яьккхина. ХIай, са дай-наний хилла лаьттина вериг! Велчи ву хьо дина волуш санна, дог дикаллийна ахь хьайгара схьайуьйлуш. ХIинци-ма хьо веха, цIаъа хедардоцачу дахарехь, Дала хьуна гойтур ма яц-кха, шозлагIа садалар халонаш. Цучура араваьлла Абубакар-Сиддикъ ша нахе кхайкхир ма боху! «ХIай, имана охIлу, нагахь санна шу тешна Мухьаммад ша цхьаъ бен цахиллаьхь, иза ма дIакхелхина ву шунна! Шу Мухьаммадах тешнариш, аш деш долу гIуллакх вай Далла аш деш хиллаьхь, иза ма цIаъа лийриг волуш вац шунна! Мухьаммаде кхаьчнариг, шел хьалхадIабаханчу Пайхамарашка кхаьчнариг ду шуна!», – бохуш Абубакаро етта эшараш ше лери хезийчи, Хаттаба воI Iумар метта веар ма боху. Маккийчохь-Мединехь, и Дела Элчи кхалхарна, доккху къемата де хIоьттина. И Дела Элчи ваьхначу, и Дела Элчи дIавирзинчу хIусаме и дIавелир ма боху.