Безаман ирс (New 2015) [M95] (исполнитель: Элина Дагаева)

I. Боху ахь со еза хьоме хеташ
Сайн меттиг ларъян хууш ю со
Сан ойланех, сан дахарах кхеташ
Сан безаман некъа х1уьтту хьо

Припев
Ахь хьоме хеташ, езаш яьккхина
Безаман дашо ирс соьга кхачийна
Ас хьуна тешамна сайн дахар лерина
Т1аккха Дала кхоллам вайн цхьана язбина

II. Хьуна ала х1умма дац сан къонах
Хьан г1иллакхаш хьоьца дог1уш ду
Хийла йо1а хьистина хьан г1енаш
Х1ун дийр ду хьо веззал дикниг ву

Припев
Ахь хьоме хеташ, езаш яьккхина
Безаман дашо ирс соьга кхачийна
Ас хьуна тешамна сайн дахар лерина
Т1аккха Дала кхоллам вайн цхьана язбина

III. Хьан б1аьргийн б1аьра хьажа луушехь
Аса-м хьо кхоьруш т1еийцира
Ткъа ахь говза суна товриг дуьйцуш
Хьайн безаме со д1айигира

Припев
Ахь хьоме хеташ, езаш яьккхина
Безаман дашо ирс соьга кхачийна
Ас хьуна тешамна сайн дахар лерина
Т1аккха Дала кхоллам вайн цхьана язбина.
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Porcelain Black Naughty Naughty  Seelenzorn Eisherz  Seelenzorn Mein Schmerz  Seelenzorn Wieder allein  Seelenzorn Spiegel der Ewigkeit  Seelenzorn Nie wieder  Seelenzorn Stumme Worte  Seelenzorn Wann kommt die Zeit 
О чем песня
Элина Дагаева - Безаман ирс (New 2015) [M95]?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен