Гаре сатесна (исполнитель: [☆SH☆]Сулейман Хамзаев|Suleyman)



Шерашца ях елла суна
Бух боцу и 1аьржа буьйса
Ойланаш цо соьга йойту
Ца вуьтуш набарна товжа
Куьг кховди кхаьчначохь суна
Седарчий къагийна цо
Тийначу ураман новкъахь
Бетта нур цо 1ена до
Куьг кховди кхаьчначохь суна
Седарчий къагийна цо
Тийначу ураман новкъахь
Бетта нур цо 1ена до
Амма сан кийрарчу дагна
Хьо йоцуриг х1умма ца эшна
Безаман суьйре т1е йеъчи
Хьо гаре даиман са тесна
Амма сан кийрарчу дагна
Хьо йоцуриг х1умма ца эшна
Безаман суьйре т1е йеъчи
Хьо гаре даиман са тесна

Тамашин,тамашин хета
Хьо ца гуш д1аэхна хенаш
Сирла де кхуьйлина хета
Лоьху хьо саммах а,г1енахь
Хьоьца бен доцуриг сайна
Дахарехь кхи ирса ца лехна
Дуьненан бахам ца боьхуш
Ас сайна хьо герга ехна
Хьоьца бен доцуриг сайна
Дахарехь кхи ирса ца лехна
Дуьненан бахам ца боьхуш
Ас сайна хьо герга ехна
Амма сан кийрарчу дагна
Хьо йоцуриг х1умма ца эшна
Безаман суьйре т1е йеъчи
Хьо гаре даиман са тесна
Амма сан кийрарчу дагна
Хьо йоцуриг х1умма ца эшна
Безаман суьйре т1е йеъчи
Хьо гаре даиман са тесна

Амма сан кийрарчу дагна
Хьо йоцуриг х1умма ца эшна
Безаман суьйре т1е йеъчи
Хьо гаре даиман са тесна
Амма сан кийрарчу дагна
Хьо йоцуриг х1умма ца эшна
Безаман суьйре т1е йеъчи
Хьо гаре даиман са тесна
Безаман суьйре т1е йеъчи
Хьо гаре даиман са тесна
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Мои NIKE AIR YEEZY  Революция CG Bros  Девочка с глазами ангела  Talib Tale - Nazli qizlara Gulzara  Джиос не гуру  Я бычок под  Здравствуйте вам Андрей Миронов 
О чем песня
[☆SH☆]Сулейман Хамзаев|Suleyman - Гаре сатесна?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен