Нохчийчоь, сан сирла седа (исполнитель: Имран Усманов)

Байчу мохо ийдеш т1ома,
Хьоьстуш малхо, беттан сийно,
Кхуьуш зезаг суна гина,
Нохчийчоь, хьан арахь, ломахь.

Гена махкахь лелаш хиларх,
Сан даг чохь хьо даим хилла:
Са гатта делча – хоьжуш г1ийла,
Деладелла – векхна хилча.

Дагах лестарх шийла шело,
Шарал дахлуш доца денош,
Ахь ницкъ лора ларбан тешам,
Нохчийчоь, сан деган безам.

Хан т1екхаьчча – къаста дезаш,
Чакхе декъал еш сай некъан,
Ма ганн лаьаркха и хьан зезаг,
Нохчийчоь, сан сирла седа..
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Видео к песне:
Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Opeth Dirge for November  Тик син  Opeth The Funeral Portrait  Opeth Patterns in the Ivy  Opeth The Baying of the Hounds  Opeth Beneath the Mire  Opeth Hours of Wealth  Opeth The Grand Conjuration 
О чем песня
Имран Усманов - Нохчийчоь, сан сирла седа?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен