Iаьржа буьса (исполнитель: Шарпуди Исмаилов)
Iаьржа буьйса, буьрса буьйса -- Дарцо левси кхийсайо. Дино лергаш дуьхьалтуьйсу, Халчу новкъа вогIу со. Сан бора дин ма кIайбелла -- Дарцо тIе кIур биллина. Ломахь тхойшиъ некъах тилла -- ХIусмах ас дог диллина. Цецах санна, гIиттош верта, Сох чекхбуьйлу шийла мох, Тхойшиннех шен пхьор дан гIерташ, Барзо бIаьргаш къегабо. Сан дин, сой шиъ, дарцо гIорош, Шело даге кхийдайо, -- Хьеше кхойкхуш цхьаннан-м корехь ГIийла серло еттало. Барзах, къуьнах хьаша къасто Iамийна вайнехан пхьу, Генна дуьхьалдогIий, хьоьстуш, Тхойшинна некъ хьоьхуш ду... -- ХIей, нах! -- олий, ас мохь туху. Корехь серлаболу чиркх. Вевзаш вацарх ломахь наха Даим оьцу хьаша чу. -- Беркат шорта хуьлда хьоьца. Воссал, делхьа, хьаша хьо! -- Олуш ондда луьйта лоций, ХIусамдас со воссаво... -- Дела ва хьо могуш марша, Ма гIелвелла хир ву хьо! Кху тхан тишчу хIусмах вашахь, Даккха тхоьца дийнна шо! -- Олий, йоьлуш дуьхьал йолу Нохчийн сийлахь цIенана. Шарахь цаьрца Iан дог догIу, ДIавоьддашехь со кхана. Сох ца къаьсташ, баьрчче болий, Чохь дIахIутту дорцан кIур. -- Хьаша веъна вайга! -- олий, Набарх гIотту берийн сур... Божлахь сан дин паргIатбаьлла, ХIинцца паргIат вер ву со. Кхача кечбеш, марсаяьлла, Пешахь кхерсташ хир ю цIе. Цу кхерчарчу цIарочул а Хьаша вохвеш, йовхо луш, Ю вайнехан коьмаршалла, Ду вайнехан оьзда дош!