Ма ала вай къаста деза..Ма хьежа бен доцуш соь.. (исполнитель: Макка Сагаипова)
Са мерза безамо хьоьстуш со 1ийра Ма ирсе яра со цхьана гуш вай Хьа хийцаваларо шел би са кийра Со муха ехар те д1акъастахь вай Шел белла седа вай ше нур д1адайна Са г1ийла ойланаш хьоьстуш бу и Хьо лоьхуш дахарехь ас хало лайна Хьо шийла хилахь а лийр ду са ирс Ма ала, ма ала вай къаста деза Ма хьежа, ма хьежа бе доцуш соь Хьажахьа, суна хьо мел ч1ог1а веза Са дега къурдашца кхойкхуш ю хьоь Хьажахьа, суна хьо мел ч1ог1а веза Са дега къурдашца кхойкхуш ю хьоь Цхьаллийца муьлу ас сай ц1ена безам Хьо генахь хиларо 1ийжош ду дог Ц1а мацах санна алий хьо еза Са г1ура ястахьа ас дехар до