Нохчи,Машар бе вай! (исполнитель: Дадашева Тамара)
Нохчи, машар бе вай? Вовше деза вай? Нана-мохк лара вай? Махка дай хила вай? Доьзаллехь к1ант вина, дозалла ду иза Ц1е ца йовш, к1ур ца болуш, хуьлда и говза Бакъо а харцо а, нийсонца къовса Ваха и х1ар дуьне даа а, довза К1ант вина нана хьо, даймехка йовхо ю Хьа лерам бо халкъо, ц1е йоккху махко Хуьлда и ахархо, 1илманча йа турпалхо Ваха и йаржайа маршонна марзо Нохчи, машар бе вай? Вовше деза вай? Нана-мохк лара вай? Махка дай хила вай? Ше цхьаъ бен воцу к1ант Махкана д1авелла хийла да хир ма ву ше к1антах ваьлла Т1ом ?? цу т1амах беркат ца даьлла Х1ай нохчи машар ба, шу арадовла Велланиг доьххьара цу меттехь лийчаво Барам т1е вилларо дерриге кхачадо 1ожалло вай массо кешнашка даьрзадо Ткъа кешнийн ва керто тайпа ца къаьстадо Нохчи, машар бе вай? Вовше деза вай? Нана-мохк лара вай? Махка дай хила вай? Тешаме воцу к1ант Ваъ ма войла и хиллехь цу Далла беркате войла Яьхь йолчу к1ентех вай даккхи бе дойла Шай мехка цара сий дахь, цера во ма гойла Нохчи, машар бе вай? Вовше деза вай? Нана-мохк лара вай? Махка дай хила вай?