Сесанара Вокха-Хьажи (исполнитель: Мухьаммад Закан-юртара)

I
Башха-башха куц хIуьттуш,
ша-ша бос лепаш,
Оцу вай Делан агIонгахьара, 
цхьа беркате хаза нур гучу даьлла,
Цу Делан хазчу нуьре хьоьжуш, 
дегнаш - догIмаш машгIуле оьхуш,
И Авлияи маджлис таелла дIахIоьттинчу хенахь.
Ва, Хедин-Кишин воI мубарик,
Лаьтта букъа тIехь долчу халкъ-Iаламо,
хьо вай Делан Вели ву аьлла, 
Делан Элчанна Хьо варас ву бохуш, 
Цу Делан халкъо ма йоккха цIе йоккху хьан,
Тахана таелла лаьтташ йолчу кху Авлияийн маьжлисехь, 
хьо муьлхачу могIарехь лаьтташ ву-техьа, 
аьлла и Хедин-Кишин воI лаха веларий ша.

2
Ва, Авлияи могIарех бIаьрг бетташ,
Цу Авлияи могIарашкахь шен бIаьргашна и Хедин-Кишин воI ца вайчи.
Ша волчура хьалагIаьттина, Авлияи могIарашка волавелла,
ХIоранни юьхь-дуьхьал хIуьттуш ша воллучу билгалвеш,
Хьалхарчу могIарашка волавелла и Хедин-Кишин воI лоьхуш, тIаьххьарчу могIаре кхечира ша.

3
Авлияи диванехь цу Авлияи могIарехь,
И Хедин-Кишин воI шена ца карийча,
«ИлахIи я Робби ва Везан Дела»!
И Хедин-Кишин воI тила ву бохуш инкар хилла вежарша дуьйцуш дериг бакъ хилла те-хьа,   
И Хедин-Кишин воI аралаьхкина дегI къобал ца веш лелаш болчу наха дуьйцург, бакъ хилла те-хьа,   
Цунах бохам хилла, цунах цатам хилла,
Ша волчу метте схьавеана, тохар санна лепаш долчу, цу Делан хазчу нуьре хьоьжуш, дIахIоьттира ша.

4
Ва, вай Делан агIонгахьара лепаш долчу цу хазчу нуьрах ши дакъа хуьлуш ма дайра шена,
Цхьа дакъа схьакъаьстина шена тIедеана, 
шен бесингахь бесинг тоьхна, шен марах мар тоьхна,
Ва, Сесинара Воккха – Хьажи, тахана ма чIогIа лехи ахь ша,
Ша хьуна хIун хьашт хилла те аьлла,
И Хедин-Кишин воI вистхуьлуш ма хезира шена. 

5
Дела реза хилда хьуна ва Хедин-Кишин воI Мубарик,
Кху Авлияи могIарехь хьо шена ца карийча,
Цунах бохам хилла, цунах цатам хилла лаьтташ вара-кха ша,
Аьлла цу Хедин-Кишин кIантана цхьа йоьхна бехказло ялийра ша.

6
Дела реза хилда хьуна Сесанара Воккха – Хьажи,
Цу Даллий, Пайхамарний гергахь гIопала хилла йиш йоцуш,
Делан баккхий белхишчохь ша лаьтташ ву хьуна.
Ахь ша чIогIа лехарна, хьуна хIун хьашт хилла те аьлла,
Веънери ша аьлла, шен са паргIат даьккхина шена дага деънарг дIадаьккхина,
Ша лелорг, ша дуьйцург цхьана дена ца гойтуш, шена гергара дIахьаьдда, тохара санна лепаш долчу, цу Делан хазчу нуьрах и нур дIахьорчуш ма дайра шена.

7
Ва, байтамал хьо коьртара ши бIаьриг,
Тахана ма гIопул хили шу шиъ.
Ва, байтамал хьо коьртара дIадаьлла хилла хьекъал,
Оцу Хедин-Кишин воIу шен баккхий муридаш,
Цу Авлияи могIарийн хьалхе могIаре хIиттош хилчи,
И Хедин-Кишин кIант тIехьарчу могIаре хирг ца хилар даглацам боцуш,
ТIехьарчу могIаре вахана лелийрий ша.

8
Хьо ма Авлияъ хилла, Авлияи могIаре охьахийшарах карор волуш ца хилла,
Хьо ма дуьнена серло бIаьрга ца гойтуш, Халбатехь Iамал-Iибадат дукха дарах карор волуш ца хилла, бохуш лен велира бох, Сесинара Воккху – Хьажи.

ЛаиллахIа иллаллахI... ЛаиллахIа иллаллахI... ЛаиллахIа иллаллахI...
Сесинара Воккхачу – Хьажина хьо ца карийча,
Тхо мискашна карор вуй те-хьа
ЛаиллахIа иллаллахI...

ЛаиллахIа иллаллахI...  ЛаиллахIа иллаллахI... ЛаиллахIа иллаллахI...
Оцу Делан меттара Шейхаш Авлияаш хьо лехна хилчи
Тхо мискашна карор вуй те-хьа
ЛаиллахIа иллаллахI... ЛаиллахIа иллаллахI...
ЛаиллахIа иллаллахI... ЛаиллахIа иллаллахI...

Мича махка вели те хьо
ЛаиллахIа иллаллахI... ЛаиллахIа иллаллахI...

ЛаиллахIа иллаллахI... ЛаиллахIа иллаллахI... ЛаиллахIа иллаллахI...

Дуьхьал бовда йиш ериш хьуна дуьхьал бовдур бара-кха,
Дуьхьал бовда йиш йоцуриш дуьхьал ца бовдуш соьцур бара-кха,
Дуьхал довда йиш йоцуш лелаш долчу тхуна, хьо вогIу бохуш цу Iуьйранна хьоькхур долу маьхьарий хазийтахь ва Хьажи
ЛаиллахIа иллаллахI... ЛаиллахIа иллаллахI... 

Таханний-кханий хьо гучу ваьлла,  ахь дог хьостур ду бохуш, Дог хьаста да воцуш кху йоьхначу замангахь нисдели-кха тхо.

ЛаиллахIа иллаллахI... ЛаиллахIа иллаллахI...
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Nanairo no Compass instrumental Mamoru Miyano Ichinose  Эллаи ft Rido Elo ey Prod Tematik  Sevdim Ama Sonu Yoktu Rafet El Roman  Сднем рождения  Нагано такая  BEZZA-море  Стим аэроплан 
О чем песня
Мухьаммад Закан-юртара - Сесанара Вокха-Хьажи?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен