Ахь со лехнера (M95) (исполнитель: Аманта Бисултанова)

Ас хьуна геч дина, ахь дашца йина чов,
Б1аьрхиш ахь кхачийна, сан даге детта ов,
Ахь суна йовзийта ца лало и хораш,
Х1етте а сан ойла хьоьх ца хеда буха юьйлуш.
 
Ахь со лехнера, карийча сай безам хьо бен ца везнера,
Безамо эшийна цхьалха дог дагийна,
Ас хьо лехнера, бакъ дериг цхаъ ду сан,
Сан ирсан некъ бу хьо, ахь со лехнера, ас хьо лехнера,
Ши седа стиглара – хьо ву и со ю, ши седа стиглара.
 
Ма мотта атта ду везашехь вита хьо,
Безам хьоьх кхачийна хан яьлчи ца гуш хьо,
Хьо волче боьду некъ лоьху ас тил йелла,
Ма мотта вай къастарх хьо суна вицвелла.
 
Хьо суна карийна, со хьуна карийна,
Карийча хьох йала суна ца лиина,
Хуьлийла дац вай довзарг бен доцуш,
Къаьстийла дац вовшешка ца дуьйцуш.
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
На белом покрывале сладкий сон  Bastien Laval - restlessness  She was just a friend  Fake песок  Mahsun kirmizigul sari sari  Erevanski arten siruma  Ая яяй  За тебя Родина-Мать Николай Расторгуев 
О чем песня
Аманта Бисултанова - Ахь со лехнера (M95)?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен