Са ирс са дахар (Urt-Da prod) (исполнитель: Турпал Кантаев)
1аьржа б1аьргаш суна къегош, Хийла безамо дог хьегош, Г1ийла цхьана вовше хоьжуш, Дагар хаита йиш йоцуш, Ши доттаг1 хилара войша, Доттаг1ал хал сеци войша, Хоь вист хила аьтто боцуш, Гонахь берш вайх кхетар боцуш, Д1адоьлхуш дар хала дийнош, Безам дагчохь хала сецош, Ойланаш хоьца бен йоцуш, Дийнахь бус даг чур ца йолуш, Т1яхьара г1енах га йоли, Безамо дог даагу дули, Хьо гаре циг ва сих велла, Сайгар безам хьоь д1а белла, Са ирс са дахар хоьца ду, Са даг чохь Хава хьо ю, Сай безам ас хоьца боькъар бу, Войшиъ ирсе дехар ду, Кхи болчарг ла дег1 ца оьшун, Суна сан цхьанне ца оьшун, Безамаш заказац бац хьун, Соьл кхи г1оле карор вац хьун. Сирла сибат суна къегош, Баьрги нуьрца са дог делош, Хьан хазалло дог д1а эцна, Безамо со хьоьца ляцна, Хоьца яьхна хаза хенаш, Хоьгара хез хаза дешнаш, Заманаш мял гена йовларх, Йицлур яц и хаза хенаш, Вог1у со хьо га са тесна, Вог1у безамах са тесна, Урамях хьо йог1уш яйча, Ойлаш са корт д1а эцна, Хьо йоцуш кхечунца дахар дац са, Хьо йоцуг кхи хумма оьшуш вац со, Хьай дега мярза йовхо ло соь, Хоьца вехаш ирсе ву со. Са ирс са дахар хоьца ду, Са даг чохь Хава хьо ю, Сай безам ас хоьца боькъар бу, Войшиъ ирсе дехар ду, Кхи болчарг ла дег1 ца оьшун, Суна сан цхьанне ца оьшун, Безамаш заказац бац хьун, Соьл кхи г1оле карор вац хьун.