Отсутствует (исполнитель: Неизвестен)
Текст песни и аудио: Даго шена къасти хьо, кхи хир яц аьлла, Ма хаза хийтира хьо сай ю ва аьлла, Ма серла белира б1аьргаш дуьххьара хьо гича, Кхи д1а ас ч1аг1о йи б1аьрг т1ера ца баккха. Со муха ваьхна те хьомениг хьо ца гуш, Кийрара жима дог хьоьга д1а ца далхош, Малх санна къегийна хьо йог1уш ва яйчи, Хьомениг сан ойла хьуна т1е ма йоьрзу. Йеллахьа езар схьа вай ирсан деган некъ, Деллахьа б1аьргаш д1а, ерзахьа юха цкъа, Безамах чам кхетта хьийза шу ураме, Цхьа жимма терго яй т1е эцахь сан безам. Ахь олу хаза дош сан синтем бу хьуна, Сох лаьцна ен ойла совг1ат ду суна, Геннара б1аьрг кхетча хьуна т1аьхьа хьоьжуш, Хьоьх лаьцна ен ойла сан эрна хили те.