Сан даго хаьржинарг (M95) (исполнитель: Мадина Хамидова)
Сан даго кхойкху хьоьга синтем боцуш, Б1аьргаш лоьху хьо гаре сатуьйсуш, Волахьа, кхачахьа сан деган везар, Безаман б1аьрхишца до аса хьоьга дехар. Сирлачу седанах лепар ю хьуна, Б1аьстенан зезагах со тарлур ю, Къи везар хьо воцург ца оьшу суна, Сан даго хаьржинарг хьо цхьаъ ма ву. Хьан дагна йовхо луш ю яга кийча, Нагахь хьо безамах дог тешош хилча, Сатийсар эрна ду ма ала соьга, Хьо вовзар ирс хеташ хьоьжур ю хьоьга. Сирлачу седанах лепар ю хьуна, Б1аьстенан зезагах со тарлур ю, Къи везар хьо воцург ца оьшу суна, Сан даго хаьржинарг хьо цхьаъ ма ву.