Нохчийчоь, сан сирла седа (исполнитель: Имран Усманов)
Байчу мохо ийдеш т1ома, Хьоьсташ малхо, беттасино, Кхуьуш зезаг суна гира, Нохчийчоь, хьан арахь, ломахь. Гена махкахь лелаш хиларх, Сан даг чохь хьо даим хилла: Са гатта делча – хоьжуш г1ийла, Деладелла – векхна хилча. Шарал дахлуш доца денош, Дагах лестарх шийла шело, Цо ницкъ лора ларбан тешам, Нохчийчоь, сан деган безам. Хан т1екхаьчча – къаста дезаш, Чакхе декъал еш сай некъан, Ганн лаьаркха и хьан зезаг, Нохчийчоь, сан сирла седа.. 1987.