Ма хаза хийти (исполнитель: Фатимат)
Ма хаза хийти суна хьо гина тахана, Сай ц1е йоккхуш ахьа соьга де дика дина, Хьалхарчул а суна х1инца г1ехчул аьхь хийтира, Г1иллакх хьогахь даимна хилла, олу хьоьга баркалла. Йиш йелахь цхьа жимма соьца латтахьа, ас доьху хьоьга, Ма хаза хийти хьо гина, сих-сиха тхо долчу кхача. Со кийрара са хьийзош сан ойланаш вовшех хьаьрча, Куьйгаша даш а сецощ хьога хьоьжуш мотт ца керча. Сан дагна ца лаьа кху дуьненахь доьхна диса, Доьлучу даге ладоьг1уш кху дуьненахь ехаш хета. Дахаро чег1ош, йелхош кху дуьненахь со хьийзина, Сан кийрара и жима дог дохо хьуна пурба ца делла.