Цхьаъ хила дезара дош.. (Л. Арсалиева) (исполнитель: Санет Абдулмуслимова)
Цхьаъ хила дезара дош, Оьшучохь баттара доккхуш. Цхьаъ хила дезара дош, МостагIийн пIендарх чекхдоккхуш. Цхьаъ хила дезара дош, Шен махках доггаха ала. Цхьаъ хила дезара дош, ДоттагIчун дIаайъа бала. Цхьаъ хила дезара дош, Езаре шен безам бийца. Цхьаъ хила дезара дош, Харцонехь шен бакъо къийса. Цхьаъ хила дезара дош, Цкъа аьлча, эрна ца хила. Цхьаъ хуьлу къонахчун дош, Ткъа кIиллойн – цхьа тептар хиллал.