Геч делахь суна (исполнитель: Хусейн Бетельгириев)

Геч делахь, доьху хьоьга, геч делахь тахана суна,
Сихаллехь гал ваьлла ларамза 1овжорна хьо,
Езарна хилла и, делахь а чов йи аса хьуна,
Амма ахьа са тоха, ма тийса б1аьрхишца го..

Эрна ду дийцарх а, дуйнех а тешар яц х1инца,
Ас та1зар до сайна, балано лаьцна сан дог,
Хьоьга болу сан безам боьллера дег1е а ц1ийца,
Хьан ц1арца боккхура урамехь мел боккху ког..

Б1аьргаш а буьзна хих, беснеш а ц1ен елла йогу,
Легашка хоьттина ц1аьххьана хораман шад,
Аьллачу дешнаша кийра а г1айракхах огу,
Ас хьуна боьттина хилла-те и д1оьвши кад..

Геч делахь, доьху хьоьга, геч делахь тахана суна,
Дешнашца гал ваьлла ларамза 1овжорна хьо,
Заманан йохалла ца ерзал чов йи ас хьуна,
Амма ахьа са тоха, ма тийса б1аьрхишца го..
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Never Say Die Album Megamix VA UKF DUBSTEP  Euterpe Nika Lenina Cover by Erio Dono Egoist  Get Lucky DAFT PUNK cover Daughter x AnTenNae  Memoirs Lounge Chillstep Mix 2013 Paul Seta  Watching You Fall Future Leaders of the World  Nebo7 - титаник  Morning Sun ft Clara La San Neptune Safari  ЛЕДИ ХОП NICEVI 
О чем песня
Хусейн Бетельгириев - Геч делахь суна?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен