Отсутствует (исполнитель: Неизвестен)

Малх бара з1аьнаршца хьо соьга вуьйцуш,
Олхазарш йиш лоькхуш декара кура,
Хьо вевза де дара ирсе со хеташ,
Сан дагчу кхеташ хьан безаман нур.
 
Х1у дийр ду техьа соьх, х1у хир ду техьа хьоьх,
Вай вовшех даккхахь вайх кха ца хетачара,
Ловр дац аса иза, ловр дац иза аса,
Хьоьх йалахь хьомениг хир ду и суна ялар.

Мел хаза дара кхоллалуш безам,
Вай дийцина хабарш, кехаташ хьан,
Ас хийла Деле доьхура, ларбехьа сан безам,
Кхоьруш б1аьрг хиларна, гаттдеш сай са.
 
Сай деррига дахар ду ас хьуна лоруш,
Цхьа дехар ду сан хьоьга ца валар соьх,
Сан денош, сан г1енаш доьлху хьо оьшуш,
И бала токху ас хьоьх ойла еш.
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Hents Hima Armenchik and Snoop Dogg  На осколках звездопада Теона  09 Регион Карачаево-Черкесия Зульфия Чотчаева  Не Будем спать 2013 Uzeyir Mehdizade  Игра DJ Alex Kot remix 2012 Клубная песня  Frag Out OST 13-й район 3 Кирпичные  Степь велеслава  Мама когда я рядом з ним 
О чем песня
Неизвестен - Отсутствует?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен