Отсутствует (исполнитель: Неизвестен)

Дуьненна тешаме кIант вара бохуш,
Хьо воцуш хьо вийца гул дала дийзи,
Машаран новкъа тIехь, накъостах дохуш
МостагIчо ког тосуш, хьан нур дIа дехьи.

Шен махках дог лозуш къонаха ваьлча,
Къонахчун белш хотто хьо улле ваьлча,
Вожор ву, вагор ву, мостагIчо аьлча,
Со вожарах, сан ойла южур яц аьлла!

Сан Даймохк, хьан маса кIант вала веза,
Доьхначу халкъана паргIато яккха,
Маьл зама, маьл хенаш дIа йовла йеза,
Хьамзат хьо саннарг дуьненчу вала...

Ахь кхио хьийзинчу Даймехкан бешахь,
Хьан меттиг хир букха, нур хилла лепаш.
Лиънариг даьржийна халкъ цIехьа дерза,
И хир ву дийцинчу ГIазотан декъахь.

Дашочу элпашца шун цIераш яз йа,
Адамо шу сий деш кхуллур ду иллеш,
Аш шайна гайтинчу ирсечу кхане,
Барт хилла кхийдар бу, баланаш бийц беш.

Сан Даймохк, хьан маса кIант вала веза,
Доьхначу халкъана паргIато яккха,
Маьл зама, маьл хенаш дIа йовла йеза,
Хьамзат хьо саннарг дуьненчу вала...

Дуьнено цIе йоккхуш лийрина кIентий,
Шу дийц дан бакъо яц, адам маьл деха,
Заманаш дIа эхарах, шу тхоьца доцуш,
Шун лаам хир бу тхан дегнаш чохь бехаш.

Сан Даймохк, хьан маса кIант вала веза,
Доьхначу халкъана паргIато яккха,
Маьл зама, маьл хенаш дIа йовла йеза,
Хьамзат хьо саннарг дуьненчу вала...
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Видео к песне:
Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Моя росия  Soda Stereo Cuando Pase El Temblor  Soda Stereo Danza Rota  Fever Ray If I Had a Heart  Soda Stereo Te Hacen Falta Vitaminas  Infant Sorrow-Little Bird  Soda Stereo Tele-Ka  Моревнутри 
О чем песня
Неизвестен - Отсутствует?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен