Гирий шуна (New 2014) (M95) (исполнитель: Лариса Садулаева)

Гиний шуна рег1ан басе дашочу малхо къагийна,
Гиний шуна Теркан тулг1е сийначу бецо хазйина,
Гиний шуна бекаматаш 1аьржа б1аьргаш биллина,
Хилий те шун сатийсамаш деган къайлехь лечкъийна.
 
Гиний шуна аьзу хьийзаш сийначу стиглахь нека деш?
Хезний шуна орга тийжаш аьрха техкаш мохь бетташ,
Лаьттиний шу шовдан коьртехь мерза безам балхабеш,
Лелий те шу ломахь, арахь вай Даймехках дозал деш.
 
Гиний шуна б1аьсте йог1уш зезагаша къарзйина,
К1ай полларчий нускалш санна бай т1ехула даьржина,
Хезний шуна безам буьйцуш шовданашца шебарш деш,
Хазчу йо1ех цкъа б1аьрг тоха къонахаш некъаш деш.
 
Гиний шуна гуьйре йог1уш дашо т1емаш даржийна,
1иний те шу аьрха ойла седарчех тешийна,
Гиний шуна Соьлжа-Г1ала хазчу йо1ал хазйелла,
Деза совг1ат дина Дала халкъан дахар та делла.
Текст песни и видео:
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Видео к песне:
Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Хипхап  Булочки  Pablo espinosa entre y yo  Serdar Ortac - Gulun Rengi  Withn  Alex - ike глупости  Песня про ежа  Про ежа 
О чем песня
Лариса Садулаева - Гирий шуна (New 2014) (M95)?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен