Отсутствует (исполнитель: Неизвестен)
Ду тахна гIийла байначу безаман аз, БIаьстенах доккхуш дожий ахь даг тIера заз.. Хьоькхура гIийла гуьйренан шийла и мох, Везачух яьлла бохуш и хьерчара сох.. Кхин цхьа де, сирла де, чекхдели даьгна, Сан безам битира ахь хьайха хьаьгна.. ДогIур дац, теша, кхин ирсе де сирла, Юьсар те шога тIулг дагах а хилла.. Юха а гуьйре йоьссира даг чу шийла, ДогIанах доьлхуш сан дог хийла дисира.. Безамца даьгна шел дира бIаьргаш ахь сан, Шовданаш санна легара бIаьрхиш шийла.. Дарба а доцуш, лазамна къурда бина, Деттало дог сан, доцуш делла йа дийна.. Кхолламан йоза ца хилла дешшал говза, Карара дели юьтуш со - ирсе хьоза..