Отсутствует (исполнитель: Неизвестен)
1 куплет Бетта серло, тийна буьйса сай цхьалица г1ийла къуьссуш, Геннахь лепаш хьоьжу соьга, вай безаман сирла седа, И бетта нур хьоьх тер дина, сай дега аз ас айдина, Со кхи муха кхайкха еза, суна веза хьо. Даггара сай бовха безам аса хьоьга кхийдош хилча, Кхи х1у оьшу дагна везнарг, оцул суна везаш хилча, Вай кхолламо ирсе йоза яздина хир дуй те цхьана Дийнахь, буса массо ханнахь хьоьга кхайкху цо. Припев Мила ю те дагна везнарг хьан даго ша къастинариг, Цо маццула некъ бина те амалах хьа кхета везар, Дийцар муха хилла теша ю те бехке т1ех везарна Хьо везаш сай дагна хилла бала белха бо. (2 раза) 2 куплет Де схьакхечи хуьйцуш буьйса, кхачош г1ийла са сатийсар, Суна ша санна со езаш са даго бем мукъам хезаш, Дохко ваьлла мега кхача са безаман веза хьаша, Беснеш т1ера б1аьр хи тача довр ду веъча хьо. Дуьне лехац ас хьо воцаш безам бу са доза доцуш, Са дог хьостуш, са дог оьцуш доьху хилахь даим соьца, Ма вийлахьа везнарг къайла даима хьоьца ю са ойла, Са хир вацахь цкъа ма гойла са б1аьргашна хьо. Припев Мила ю те дагна везнарг хьан даго ша къастинариг, Цо маццула некъ бина те амалах хьа кхета везар, Дийцар муха хилла теша ю те бехке т1ех везарна Хьо везаш сай дагна хилла бала белха бо. (4 раза)