Нохчийн Къонахий (исполнитель: Шарпудди Исмаилов)

Мичхьа ду хьан Ницкъ кураллий - ас аьрзоне хаьттира,
Шен Ницкъ болу ши т1ам тоьхна - Аьрзо хьала г1аьттира.
Бертахь Доьзал, Маьрша Даймохк - беца Къонахчуьн ши т1ам.
Бийца Мохккий Моттий бацахь - Адамех ца Олу Къам.

Къонахчуьн Дарж Оза Терза - х1инца а данза ду бах, 
Дуьне Цуьнца Дуста Г1ортах - Сов хир бу Къонахчуьн Мах.
Вага Къонах Оьшуш Хилахь - Молха Санна Вагалахь.
Де кхоладеш Буьйса яг1ахь - Хаьштигах Хьо Къагалахь.

Къонах воцуш ваха атта - хилла Массо Заманахь.
Атта дацарх Къонах Хилий - Тахна Ваха 1амалахь.
Къонахашна Зама йоцуш - хилла а яц Заманаш,
Замане ца ловзавойтуш - Зама Ловзо 1амалахь.

Шен Вешина Воша воцчух - Хьуна хир вац Доттаг1а,
Хьайца хало Екъна вацахь - Теший Дог Ма Дастахьа!
Шен Дена во1 ца хиллачух - К1ант хир ма вац Махкана. 
К1илло стагах Къонах хилац - юкъах герзаш дехкарах

Даржех Уггара Лакхар чарах - Ду Хьуна К1ант Къонаха.
Цу Дарже Хьо Кхаьчна вацахь - Лахал Хьаже гонаха.
Уггар Лакхар Къонах Дош Ду - Вай Ц1ер Дешций легарехь.
Сийлаллий Таж Нана Ц1е Ю - Маьлхан Нуьрехь Къегарехь.

Массо Ирсен Волчу хенахь - Ирсе Хила 1амалахь,
К1ад а Ца луш хало Лар а - Ду Къонахчуьн Амалех.
Вай-м Дуьненчу Сакъера а - Тойнехь 1ен Ца Даьхкини,
Дуьне Хазда Кхана Делчи - Сий Дайта Вай Даь1ахкийн.
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Видео к песне:
Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Volbeat i only wanna be with you  Пирати  Just Push Play Aerosmith  The Outlaws There Goes Another Love Song  The Outlaws Green Grass And High Tides  The Outlaws You Are the Show  The Outlaws Riders In The Sky 
О чем песня
Шарпудди Исмаилов - Нохчийн Къонахий?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен