Грозный (исполнитель: Айза Гамаева)
Реза яц со ирсах хьоьгуш лела, Генахь дуьне даа реза яц, Сан Даймохк, со хьуна муьт1ахь еха, Хьоьх д1акъаста даго юьтур яц. Х1ора 1уьйре хьуна чохь ю сирла, Самукъдуьйлу кхуьуш, хазлуш хьо, Майра к1ентий ахь кхиийн хийла, Турпалла ю Нана Нохчийчоь. Хьо сан Даймохк, туьйранашца буьйцуш Нена Мохк беза! Хьан безамо йовхо ло суна, Нохчийчоь хьо ехийла маьрша! Дукха къаьмнаш цхьана бертахь деха, Хьаша лору массо х1усамехь, Вай дай г1иллакх хьалаойуш лекха, Беркате ехаш ю Нохчийчоь. Исбаьхьа ю вайн Соьлжа-Г1ала, Сирла къегаш, нийса урамаш, Кхин х1у оьшу ирсе хила суна, Алийша соьга адамаш! Край ты мой родной, Отчий! Возвышайся ты выше всех Грозный! Пусть сияет вечное солнце, Согревая душу и сердце!