Іожалла я маршо (исполнитель: Мохьмад Нохчмахкахо)

Буьйсанна борз ехкаш дуьненчу девлла тхо,
Ӏуьйранна лом угӀуш тхан цӀераш техкина.
Лаилаха иллАллах.

Аьрзонийн баннашкахь наноша дакхийна,
Тархаш тӀехь дой хьийзо дайша Ӏамийна.
Лаилаха иллАллах.

Халкъана, махкана наноша кхоьллина,
Цаьршинна эшначохь, майра дӀахӀиттина.
Лаилаха иллАллах.

Ламанан лечарчий маршонехь кхиийна,
Халонех, бохамех курра чекхдийлина.
Лаилаха иллАллах.

Мокхаза ламанаш даш хилла лаларах,
Дахарехь, къийсамехь яхь оха дӀалур яц!
Лаилаха иллАллах.

Бос Ӏаьржа ва латта молханах лелхарах,
Тхешан сий доьхкина, тхо лаьтта доьрзур дац.
Лаилаха иллАллах.

Тхо цкъа а цхьанненна къарделла совцур дац,
Ӏожалла, я маршо - шиннех цхьаъ йоккхур ю?
Лаилаха иллАллах.

Йижараша тхан чевнаш эшаршца ерзайо,
Хьомсарчу бӀаьргаша хьуьнаршна гӀиттадо.
Лаилаха иллАллах.

Мацалло хьовзадахь, орамаш дуур ду,
Хьогалло тхаш бӀарздахь, бецан тхин мийра ду!
Лаилаха иллАллах.

Буьйсанна борз ехкаш дуьненчу девлла ду,
Халкъана, махкана, Далла а муьтӀахь ду.
Лаилаха иллАллах.
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Любить или  Baby says kills  О иногда  NICO Hologram  Ты здесь  Jambo Mambo  Toi que je veux france gall  РОК Н РОЛ 
О чем песня
Мохьмад Нохчмахкахо - Іожалла я маршо?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен